№1 йолчу гимназихь д1адаьхьира Гадаев М-С. 110 шо кхачарна лерина дешархойн ешаран къовсадалар

12.11.2019

Соьлжа-Г1алин Мэрин Дешаран Депараментан планаца цхьаьна дог1уш, №1 йолчу гимназихь д1адаьхьира Гадаев М-С. 110 шо кхачарна лерина дешархойн ешаран къовсадалар. Къовсадаларехь дакъалецира: № 1 йолу лицей, №№1, 4 йолу гимнази, №№7, 10, 11, 14, 15, 16, 17, 19, 20, 28, 35, 37, 38, 39, 44, 47, 48, 54, 56, 57, 64, 67, 106 йолчу школаш. Ешаран говзаллин мах нийсонца хадийра жюрин декъашхоша:⠀ Чемирзаева Я.С., эксперт, нохчийн меттан методист;Килабаева М.А., хьехархойн университетан нохчийн филологин кафедран лакхара хьехархо;Бергоева А.А., нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин куьйгалхо, №106 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Даудов Г.Х., поэт, журналист, нохчийн меттан хьехархо; Хасаров Р.Ш., эксперт, №54 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо; Исакова Б.Н., эксперт, г1алин нохчийн меттан хьехархойн методически цхьанакхетараллин куьйгалхо, №8 йолчу школан нохчийн меттан а, литературин а хьехархо.Номинаци «Проза»:1-ра меттиг - Джамалдаев Султан, школа №16;2-г1а меттиг - Сатуев Мохьмад, гимнази №1;3-г1а меттиг - Тимаева Фатима, школа №67;Солтаева Румани, школа №10.Номинаци «Поэзи»:1-ра меттиг - Вахабов Абубакар, школа №35;2-г1а меттиг - Абубакарова Дагмара, школа №14;3-г1а меттиг - Джабраилова Марет, школа №7;Дудурхаджиев Ахмед, школа №39.Номинаци «Къона поэт»:1-ра меттиг - Дубаева Мата, школа №47;2-г1а меттиг - Шептукаева Малика, школа №20;3-г1а меттиг - Бацаева Марха, школа №54;Токаев Рамзан, лицей №1.Номинаци «Къона йишлакхархо»:⠀ 1-ра меттиг - Чиморзаева Ингжила, гимнази №4. №1 йолчу гимназин куьлгалхо йолчу Бараева Елизавета Сайд-Хасановнина, нохчийн меттан кафедран куьйгалхойолчу Юсупова Ларисина доккха баркалладу къовсадалар д1адахьаран хьелаш кхолларна.Аллах1 Дала аьтто бойла вайн къоман мотт, хаза г1иллакхаш лардарехь, кхиорехь, хьехарехь къахьоьгуш волчу массо махкахочун.