Бовза беза-Нохчийн мотт!

20.02.2023
❇️Нохчийн Республикехь 2023-г1а шо Нохчийн меттан шо ду аьлла билгалдаьккхина хиларца Доьзна, Соьлжа-г1алин лоьмар 67 -йолчу йуккъерачу ишколехь,хьехархочо Юнусова М.С-М шен 4-чу «Б» классехь д1айаьхьира «Бовза беза-Нохчийн мотт!» ц1е йолу мероприйати. Ловзаран кхайкхам бара Нохчийн мотт 1амор а,хаарш карладахар а, т1еч1аг1дар а ,ненан матте болу безам кхиор а,цуьнан хазалла гайтар а и х1ора дешархочун дагчохь ч1аг1йар. Мероприйатехь дакъалоцуш хиллачера а, хьовса баьхкинчера а ч1ог1а самукъаделира. Ишколан куьйгалхочо Х.Л. Солсанова баркалла а элира,совг1аташ а дира берашна.❇️